Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 10 11 12 13 14 15 16 17 18 ... 38
Перейти на страницу:
а ву. Ший а йиша Бенахь марехь йу, Ахьмад а, Іадиз а цІераш йолчу шина стагехь. Хьо валаза дийна вайн нахана тІекхачахь, и сан нах а лахий, цаьрга сох хилларг дийцалахь…– ШахІидан ницкъ тІаьхь-тІаьхьа оьшуш, аз, гІеллуш, хеда дуьйлира. – Ткъа вайн нахе беана бала, бохам… Цуьнан ойла йан воьлча, хьерваллаза вуьсу… Амма вайн халкъ мацца а цкъа шен махка цІа доьрзур ду. Мацца дирзина а, цІа доьрзур ду… Хено къастор ду дерриг a… Партис иштта дуьтур дац и гІуллакх… Вай теша цунах. Ткъа вайнахана бохам бинарш таІзарх кІелхьара а бевр бац…

Іалха, мацца а цкъа шаьш вайн дай баьхначу лаьтта тІе цІа дирзича, тхан йуьртан кешнийн кевне, гу тІе, сан безамна цхьа жимо гІайракхан тІулг богІа, алалахь…

– ХІан-xIa, ШахІид, ахь санна, ас а лоцур йу и къиза Іожалла. Со а тешна ву, вайн халкъе беанчу иэрчачу бохамо хІара дуьне а къахьдина, хьо хьуо Іожаллин бага гІиртина хилар. Изза до ас а кху деношкахь, амма, хьо санна, ирсе ца хилла со…

– Лейтенант, къамел ма дехьа…, – йукъагІоьртира лор. Амма иза ШахІида сацийра.

– ХІумма а дац, Алеша… Цхьа масех минот бен ца йисина…

ШахІид вала герга вуйла хиъначу Іалхас цуьнан корта меллаша хьала а айбина, шен кара биллира.

– Вася… сан доттагІ!

Шен цІе йаьккхича, сержант ШахІидна хьалхха гора вуьйжира.

– ХІун боху ахь, ШахІид?

– Хьуна хаьа-кх, Вася, тхан халкъана тІехь динарг… Тхо йамарт, кІилло а хилла-м ца дина цунна и таІзар…Тхан жима халкъ… Жимачунна халахетийта атта ма ду… Нагахь тхан халкъана хьо волчохь цхьамма вуон дош алахь… тхоьгахьа гІо даккхалахь… Тхуна йамарт, кІилло нах дара ма алийталахь…

– Ахь хІун дуьйцу, ШахІид! Хьан эр дара шуна харцдерг? Дукха хенахь дуьйна, дерриге а дуьненна хууш ма ду шун халкъ майра, тешаме, доьналла долуш хилар!

– Баркалла хьуна, Вася… Со теша хьох, сайн вешех санна… Іалха… со леш воллу… Вайн дайн гІиллакхехь дІаволлалахь со… Виц ма лолахь – Нохчийчоь… Нохчийн кІенташка дохий ма хьийза ала… Цул а йаккхий халонаш тІеІиттайаларх, вайн дай а ца боьхна… Дала хьукма долда… вайн халкъана тІехь и харцо лелийначарна!…

ШахІидан дешнаша гуонах дерг дерриге а дицдина, цхьана минотана шен ойланашца гена нохчийн лаьмнашка, винчу йуьрта вахара Іалха. Нохчийн уггар ширачу йартех цхьаъ. Буьрсачу Шемалан столице. ГІараваьллачу харачойн Зеламхас дуьххьара шен бекхаман куьг айбинчу меттиге. Цигахь вина, цигахь ваьхна Шемалан тоьллачу наибех цхьаъ хилла волу Іалхин денденда Эдал. Іаьлбаг-Хьаьжин гІаттамехь дакъалоцуш вийна Іалхин денда. Деникинцех леташ Соьлжа-ГІалина уллохь воьжна Іалхин деваша. И санна йу нохчийн муьлххачу а доьзалан биографи. Нохчийн халкъо бІеннаш шерашкахь шайн цІийца хьандина и исбаьхьа лаьмнаш дІадаьхна цаьргара. Ванах, кхин гур доцуш ду-те Іалхина ша вина, бераллахь левзина и хьоме лаьмнаш, хьаннаш…

Оцу къаьхьачу ойланех Іалха йукъахваьккхира ШахІидан малделлачу дегІо…

– ШахІид!? ШахІид!? – мохь белира сержантан. –Велла! Хьо турпалх а къинхетам ца бин-кх Іожалло! ШахІид, сан доттагІ, сан ваша, ламанан кура леча… Суна хаьара, ахь Іожалла лоьхийла… Сан ницкъ ца кхечира хьо ларван… Ва, неІалт хуьлда хьан цІеначу даг чу дІовш доьттинчунна!

Шайн халкъ бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчул тІаьхьа йерриг фронташкахь а, партизанийн боламашкахь а дера а, турпала а летара нохчий. Оцу тІе уьш тоьттура масех бахьано. Шайн халкъана тІекхоьллина и харцо а, дина иэхь а ца лалуш, тІеман арахь Іожалла лоьхуш летара. Даймахкана йамарт хилла боху нохчийн халкъана тиллина цІе харц хилар хаийта гІерташ. ТІамехь болчу нохчийн кІенташа турпала хьуьнарш, Даймахкана тешам а гайтича, бехк-гуьнахь доцуш и харцо тІе а кхоьллина, махках даьккхинчу халкъана тІера и харцо дІайаккхаре догдохуш а. Амма, шен халкъана эхь дина, цунна харц таІзар дина аьлла, мостагІашкахьа ца волура цхьа а.

Халкъ таІзардеш махках даьккхинчул тІаьхьа тІамехь хьуьнарш гайтинчу нохчашна орденаш йалар а, турпалхочун цІе тиллар а сацийра. Фронтан командованис йа Москвахь чекх ца бовлуьйтура уьш. Цундела, эскаран, дивизини, йа полкан командованин хьехаршца, орденна а, йа турпалхочун цІарна а хьуьнар гайтинчу цхьаболчу нохчийн эпсарша шаьш кхечу къомах йазбойтура – гуьржий, хІирий, гІезалой, гІумкий, суьйлий, и. дІ.кх. а. Иштта цхьа могІа хІилланашца толаман де тІекхаччалц тІамехь бисира дуккха а нохчий,

Іалхин ца дийзира цхьа а хІилла лело. ШахІид дІавоьллинчул тІаьхьа цхьа бутт баьлча, тІамехь луьра чов хилла, йеххачу хенахь госпиталехь а Іиллина, йуха фронте ваха ца магош, цІа хьажийра.

ЦІа мичахь ду-м ца хаьара…

… Іалхас доккха садаьккхира. Цхьа кІира хьалха хиънера Іалхина ШахІидан доьзал Покровкехь хилар. Цунна и хиъначу хенахь Мохьмад а, Бесират а чІогІа цомгаш дара, ткъа Муса лесхозехь вара. Цомгашниш больнице а балийна, Муса цІа кхайкхира Іалхас. Амма ШахІидах хилларг Мохьмаде дІахоуьйтийла дацара иза товелла верззалц.

– Мохьмад, хІара кІант а валош со хьуна тІеваран бахьана дийца лаьа суна, – долийра Іалхас, ша цуьнан могашалла хаьттина ваьлча. – Ас хьехар дала воккха ву хьо, цундела хьуна соьгара хьехар ца оьшу, ткъа гІо оьшу. Тхо санна, махках ваьккхина хьо, амма хьайн йиша-вешех, йуьртахойх къастаро хІара бала тхуначул базбина хьуна. Іожалла вайна тІаьхьа хІоьттина лела. Сахьт дац валаран. Цунна а ца кхоьру хьо. Цунах кхера а воккха ву хьо. Кхузахь Іуьллучу хьайн а, хьайн хІусамненан а ойла кІезиг йо ахь. ХІара дуьне иштта декъаза дуучул, нахана бала а хилла дехачул, делла дІадовлар гІоле ма йу, боху хьан даго. Амма хьан дагна бала бинарг, хьан садуург, хьуна хьайн цамгар а, гуонаха хьийза Іожалла а йицйинарг кхин ду. Ахь ойла йо делла шаьшшиъ кху чуьра арадоккху долчу дийнан. Тезет хІотто йуьртахой а бац, кадам дІаэца гергарниг а вац, тІаьххьарчу новкъа ваккха нийсарой а бац. Шаьш делча, лийчо, марчо хьарчо, сагІа даккха, мел кхайкхо стаг хир вац-кх, боху хьан даго. Цул а дазделла хьуна шайл тІаьхьа кІант висар. Цуьнан дола дан стаг цависар. Бакъ дуй и, Мохьмад?

Ши бІаьрг хьаббина, ладоьгІуш Іачу Мохьмада меллаша кхузза корта таІийра:

– Бакъду иза, Іалха. Сан дагахь дерг цІенна схьадийци ахь.

– Амма оцу агІор ахь сагатдан ца оьшу, Мохьмад. Сингаттамо йолчу тІе а чІагІйо цамгар, Іожалла гергауьйзу. Хьан сапаргІат мел хили дегІа тІера цамгар сиха дІаайбалур йу. Генахь бисина хьоме Даймох, байлахь дисина дай-нанойн кешнаш йукъа а лоцуш, дуй биъна, ас дош ло хьуна, нагахь, цхьа Делан болх хилла, сайл хьалха хьан а, хІусамненан а Іожалла хилахь, сайн да-нана санна, лоруш, царна тІехь айса дендерг шуьшинна тІехь деш, шуьшиъ дІадолла а, шен нахана тІекхаччалц, хІокху лаьттачу шун кІентан сайн кІентан, вешин ас дендолу дола дан а. Нагахь ас хІара сайн дуй къарбахь, хьуна деллачу дашах со вохахь,

1 ... 10 11 12 13 14 15 16 17 18 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?