Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Іалхас цавешаш куьг ластийра.
– Россерчу халкъийн аз дан а дац. Хилла а дац цкъа а. Даима кхоьруш, даим кхерош, лоллехь латтийна. Шайна тІехь мел йоккха харцо, къизалла латтайарх, дуьхьало йан а ца даьхьаш. Ша маьрша а доцуш, маршо йаккха гІоьртина халкъ шен цІийла а карчош… Революци хилале хьалха шина бІе шарахь паччахьан эскарша тхан йарташ йагош, тхан зударий, бераш, къена нах хІаллакбеш, тхо махках дохуш туркойн махка а, Сибрех а хьийсош, биэндоцуш хьуьйсуш Іийна Россера къаьмнаш. Шайн йоцу маршо йаккха гІертарна, шайгахь доцу доьналла цаьргахь хиларна, нохчий ца безна цхьана а къомана. Цундела, цкъа а цхьана а халкъера гІо а ца хилла нохчашна!
Мария Петровнас чиркх латийча бен ца хиира Іалхина ша кхузахь дуккха а хан йаьккхинийла. ХІинца хІокху цІемзачу буса йалх километр гена гІаш дІаваха везара. Шелделла шен чай дІа а мелла, хІусамдайн Іодика а йина, араваьллачу цуьнан йуьхьа дуьхьал шийла мох а, тІуьначу лайн дарц а кхийтира…
(1960–1962 шш.)
Примечания
1
Къелгаш – кIеззиг бен йоцу тиша хIуманаш
2
Хохолаш – бIегIаган мачаш
3
Сусма – йакъийна нехча
4
Каьмпар – гIиргIазаша йоккхачу стагах олу
5
Тхонка – хIинцца лергинчу уьстагIан тIаргIа
6
Чал – воккхачу стагах олу гIиргIазоша.
7
Хазза – дика, кхочуш
8
Цамгийла (диал.) – цамгар
9
Сандар баьккхина – агIор а баьккхина
10
Сорсаваьлла – шекваьлла
11
Лем – допрос