Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 38
Перейти на страницу:
дІа а таІийна. ТІехула тІе, сан йоллу ойла йолуш со цхьаъ хилла а ца Іа. Йа хьо хьуо а ца теша айхьа дуьйцучух. – Иштта-м ма дара иза, Коля. Амма, ахь гІалат далийтахь, бохам хир бу-кх вайна. Ас йийца ма ца оьшу хьуна хIара зама. Ког когах кхетта а, галвалахь, вахана агІо ца хоуьйтуш, тІепаза войъу. Хьанна хаьа, вайн коллективехь хила а тарло хьуна бохам хила лууш стаг. Цул, айхьа цхьаъ доладале, цкъа хьалха Рахманкул Жапаровичах дагавалахьа. Шуьшиннан вовшех лачкъийна хІума а дац.

ІІІ

Школан дешаран декъан заведующис Рахманкул Жапарович Юсуповс леррина ладуьйгІира Берсин хьокъехь Николай Кузьмича шега дийцинчуьнга. Амма, и гІуллакх педсовете дилла цуьнан сацам хилар хиъча, резавоцуш корта хьовзийра цо.

– Мегар дац иза, Николай Кузьмич. И тайпа гІуллакх педсовете ца дуьллу.

– Ца мага хІун ду кхузахь? Бераш кхетош-кхиош дац ткъа вай? Бахархошна йукъахь кхетаман болх бан декхар дац ткъа вайн?

– Амма вайн школин программина а, хьехархошна хьалха лаьттачу декхаршна а йукъадогІуш дац партин а, правительствон а сацамаш школашкахь бийцаребар. И халкъаш партин а, правительствон а сацамца махках даьхна. Дисинчух хьо кхеташ хир ву моьтту суна.

Николай Кузьмич хьаллагІеттира.

– Делахь хІета, кхоьру-кх хьо? – кІоршаме Іоттар йира цо Рахманкулна. – Ленински кхайкхамца партин могІаре хІоьттина, Ленинан весеташ кхочушдан дуй биъна, хьо шира большевик а йухаваьлча, партехь боцчу хьехархошка дийца сан хІумма а дац!

Оцу шен моханца аравала дагахь дІаволавелла иза сацийра, вагийча санна, цІеххьана хьала а иккхина, бІаьргех долу куьзганаш катоьхна дІадаьхна, сурт даккха санна, цуьнан бІаьргаш чу вогІавеллачу Рахманкула. ТІера массо чо а боьжна, хІоа санна, цІанбелла корта, лекха, шуьйра хьаж, хьекъале, гІайгІане ши бІаьрг, оза, йеха йуьхь, ло санна, кІайн маж, йуккъера даьІахк ца хаалуш, ведбелла, кхоьссина тІелатийча санна, шуьйра мара…

БархІ шо хьалха горга йуьхь-марш, Іаьржа маж-мекх а долуш цхьана буса меттара а гІаттийна вигна элдарчу дегІара Рахманкул, кхо бутт балале, набахтехь къежвина, букар хьовзийна, йуьхь эрча а йаьккхина, Колыме хьажийра. Дуккха а дехарш, аьрзнаш диначул тІаьхьа, тІом болабеллачу шолгІачу шарахь цуьнан аьтто хилира цигара дІа фронте ваха. Амма Рахманкулан шершинчу кого иза меттахІотта ца вуьтура: цо дакъалаьцначу дуьххьарлерчу тІамехь луьра чов хилла иза, вехха госпиталехь Іиллинчул тІаьхьа цІа а вирзина, кху школехь тийна болх а беш хан токхуш вара.

Николай Кузьмич валлал дохковаьллера ша ойла ца йеш аьллачу дешнашна. Цунна гора Рахманкулан лекхачу хьаьжа тІе оцу минотехь хьацар тухуш.

– Накъост Бороденко! Со большевикийн партин, советски даймехкан кІант ву, – элира Юсуповс лохачу озаца, амма сацамболлуш. – ХІаъ, ас дуй биъна Ленинан весеташ кхочушдан. И дуй бара сан дахарехь хала даьхкинчу деношкахь суна ницкъ а, собар а, къонахалла а лург. Хаалахь, партина, халкъана тешаме хилла со лаьттан кийра воьрзург хилар!

Рахманкула, охьа а хиъна, шен хьаьжа тІе а, коьртах а йовлакх хьаькхира.

– Гечделахь суна, ойла а ца йеш, ас и дешнаш аларна, – бехказвала гІоьртира Николай Кузьмич. – Кхетий хьо, Рахманкул Жапарович, сан чIогІа дог лозу оцу нохчех… Тахана хилларг дуьххьара хилла гІуллакх ма дац. Айса иза иштта Іаддитахь, суна сайх чекх са гур ду. Вай-х, советски адамаш хилла ца Іаш, хьехархой, коммунисташ ду. Хьуна-м суначул а дика хаа ма йеза къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика.

Николай Кузьмич луьйчура сецча, цуьнга хьала а хьаьжна, догцІена велакъежира Рахманкул.

– Суна хІунда дуьйцу ахь иза, Николай? – элира цо хьала а гІеттина, тІевахана, Николай Кузьмичан белша тІе куьг а диллина. – Суна дика хууш ма ду уьш дерриге а. Хьо жима ву, цундела сиха а ву. Сихалла дика ма йац, цо стаг хІаллакво. ТІехула тIе, стеган ларлуш хилар кІиллолла а ма лара цкъа а. Суна гинарг хьайна гинехь, ас лайнарг айхьа лайнехь, хьо а хир вара ларлуш. Стенна оьшу, цхьанне а пайда а боцуш, эрна хІаллакьхилар? Co лоцучу шарахь сол хьалха сан накъостий лийцира. Царна йукъахь бара берахь дуьйна соьца цхьаьна кхиънарш а, дуккха а хенахь соьца балхахь цхьаьна лаьттинарш а. Халкъан мостагІий бу аьлла, лецнехь а, партина а, халкъана а тешаме, хьанала нах уьш хиларх тешна ву со даим. Ас, цаьргахьа гІодоккхуш, бакъдерг элира. ТІаккха со а туьйхира царах дІа. ХІинца цкъа царах хилларг цхьанне а ца хаьа. Цхьанне а ца хаьа, цхьа а тайпа баьлла бехк боцуш, тхо бехкедина хилар а. Халкъан мостагІий ду аьлла, адамашна хьалха тхуна тІе кхоьллина цІе хIинца а дІайалаза йу. Партина, халкъана, даймахкана хьалха со цІена хилар, суна санна, нахана а хаахьара, тахана а со валарх шеквер вацара со. И де цкъа тІекхочург хиларх теша со, хІунда аьлча сайна тІехь хІоттийначу харцонна ас бехке ца йо парти. Империализман гуонна йуккъехь дохку вай. Партин могІаршка, партин, советийн органашка балха нисбеллачу мостагІийн болх бу иза. Амма партин а, халкъан а бекхамах кІелхьарбевр бац уьш. Со хьоьга хІун ала гІерта аьлча, хьо ларлуш ца хилча, и сайх хилларг хьох а хиларна кхоьру со. Вайшиннан вовшех къайле йац, цундела дуьххьалдІа боху ас хьоьга: нохчий Даймахкана йамарт хилла, уьш бандиташ бу бохуш, и эладита ша-шаха кхолладелла дац. Къайлах даржош ду. Иза хьуна хьайна а хаьа. ХІетте а ву хьо даррехь нохчий реабилитировать бан гІерташ. ХІан-хIа, Николай, дуьхьал ву со и Берсин гІуллакх педсоветан заседане хІотторна. ТІех шуьйра публика йу иза. Суна а ма хаьа оцу халкъашна тІехь йинарг ирча харцо йуйла. Амма вайша тховса, хьехархой а гулбина, цІенна дІадийцахь, вайша кхана сарахь цІахь-м хир вац. Иза бакъдерг ду хьуна. Вайша хIаллакьхилча, нохчий шайн махка боьрзург хилча-м, вайша, бІаьрнегІар ца тухуш, лийр ма вара. Вайша хІаллакьхир ву, ткъа нохчашкара бала цуьрриг а байлур бац.

«Машас дуьйццург ду-кх хIокхо дуьйцург а, – ойла йора Николай Кузьмича, – школерчу дешархошна йукъахь орам тосуш шовинизм йу, ткъа со, школан директор, коммунист, йуьстах а ваьлла Іен веза. ХІан-хІа, иза хуьлийтийла дац…»

Николай Кузьмича, гІанта охьа а хиъна, доккха садаьккхира.

– ХІета, берашна йукъахь шовинизман ун а доржуьйтуш, цуьнга биэндоцуш хьоьжуш Іийр ву-кх вайша. Иштта бохий ахь соьга?

– XIaн-xIa, Николай, ас иштта ца элира хьоьга. Ас-м, ларлуш хила, бохура. Ахь, тховса хьехархой а гулбина, къаьмнийн доттагІаллин хьокъехь долу гІуллакх царна хьалха а хІоттийна, оцу агІор берашна йуккъехь кхетаман болхбар царна тІедожорах вайн нисдала хІумма а дац. Хьан приказ, йа педсоветан сацам кхочуш-бархьама, берашца къамелаш деш цхьана дийнахь цхьацца бахьанаш лело а мега цара. Амма шайн къамелашкахь цара нохчий бакъ беш дош а эр дац, йа ала а баьхьар бац. Йа цара хьуна луъучу тайпана берашца къамелаш дича а, оцу берийн дегнаш чохь хьуна йита

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?