Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Закладка:
а боьгІна, шеца хелхайалар доьхуш, Зануна тІевирзира. Хьерайаьккхина вота йетташ хиъна Іачу Маиле хьаьжира Зану.Маила, эсала вела а къежна, резахилла корта таІийра. Амма ша шолгІа гуо эцна йогІуш, цунна гира майрачун кхоьлина йуьхь. Стенан ойла йо-те цо? Зануна дагайеара Маил тІаме вахале шаьш цхьаьна йаьккхина ирсе хан. Цуьнан бІаьргашна хьалха хьийзара школа, уьш бинчу йуьртара клуб, шайн хелхарийн, эшарийн кружок, даим а ша а, Маил а цхьаьна хелхадийлар, республикехь хилла хьовсарш, газета тІе даьккхина шаьшшиннан сурт. Ткъа тховса? Цабевза мохк, йоьхна йеана буьйса, хІетте а, уьш хелхабуьйлу… Самукъа даьлла-м ца лела уьш, делахь а, иштта хила деза. Занун лерехь хІинца а декара воккхачу стеган дешнаш: «ЦІийзар вайгахь товр дац! Нохчийн къонахаллех, оьздангаллех, доьналлех ца духур вай!» Йуха гуо бохьуш йогІуш дІахьаьжначу Занун а, Маилан а хьажар тІеттІанисделира. Маилна гира чу хиш диссина кхохкийна шен къоначу зудчун ши бІаьрг. Иза кхийтира шен гІалатах. Охьа а таьІна, цІенкъа ши бІаьрг боьгІна, гал когаш шершош Зану шена дуьхьал йолайелча, вота чехка а йаьккхина, мохь туьйхира цо:
– Курра корта айба! Майрра ког шаршабе, нохчийн йоІ!!
… Цул тІаьхьа шо даьлла. Амма мел дукха хийцамаш хилла оцу цхьана шарахь! Оцу буса клубехь хиллачех дикка нах дийна бац. Велла хІетахь Зануца хелхаваьлла жима стаг а. Йуьртарчу куьйгалло а, Іабдул-Іаьзима а бохург ца хилира. Цхьаннен а ницкъ ца кхечира нахе шайн махках догдиллийта. Цара цуьнга сатуьйсура дийнахь а, буса а, набаро дІатебича, гІенах а, Іожаллина тІаьххьара сауьйзучо а. Шаьш тахана-кхана цига йухадоьрзур ду моттаро а, цамгарша а уьш ца битира кхузахь бахам вовшахтоха а, кхоччуш болх бан а. Тергал ца дира тІехь цІенош дан а, беш кхио а колхозо шайна къастийна латта а. Ца кечйира тІедогІучу Іаьнна йагориг а. ХІун до къахьегна? Тахана-кхана уьш-х дІагІур бу шайн дай баьхначу, церан цІийца хьандинчу, шаьш бинчу, кхиъначу махка…
Оцу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, нохчашна-м хьовха, оцу йуьртахь дехачу дерриге адамашна а везавеллера Іабдул-Іаьзам. ГІийлачун дог оьцура, оьшучунна, дас санна, хьехар дора, гІо эшначохь дІахІотта даим а кийчча вара. ХІун дара а хаац, махкалло, мацалло адам гІелдинчу оцу шарахь, цкъа а дегІах цамгар ца хьакхалуш могаш лаьттира иза. Хала дара цул къинхетаме, догцІена, оьзда стаг кхин хир ву ала. Массо а адамийн гІиллакхе верзарх догдиллина галваьлла стаг а, цунна хьалха хІоьттича, иэхь хетий, ша мича оьккхур ву ца хууш, гатлой хьаьвзара.
Іуьйранна хьалххе хьала а гІоттий, араволий, иза, дІайаханчу буса велла дІаволла везаш стаг вуй хьожуш, хІораннан керта хІуттуш, хІор а доьзале хаза дош олуш, чекхволура. ТІаккха колхозан балха воьдура. Балхара цІа вогІуш, хІор а денна иштта цхьацца серийн цІов а бохьуш вогІура, тІаккха буьйсанна серагех тускар дора. Уьш цхьадерш цуьнгара колхозо, къинхьегаман денош а йаздеш, дІаоьцура, цхьадерш йуучух хуьйцуш йа бахархошна дІалора, амма, дукхахьолахь, кегий тускарш а дой, кегийчу берашна совгІатна дІалора.
Воккхачу стага доккха дакъалоцура йукъараллин дахарехь. Йуьртан а, колхозан а куьйгалло цуьнгахула гІо дора гІаддайначийн, байшна, доьзал белла бисинчу баккхийчу нахана а. Массанхьа а кхочура и кхузткъе пхийтта шо хенара догдика воккха стаг, амма нахана иза цкъа а гІелвелла, гІайгІане воьжна ца гинера.
Ткъа бала воккхачу стеган кийрахь алсам бара массерачул а. Амма цуьнгарчу балин теш вацара, и тІулган лаьмнаш а, Іаьржа буьйсанаш а, цуьнан цІийнан дерзина пенаш а, жима Берса а воцург. Шен устазна тІаьхьа а хІоьттина, Советан Іедалехьа къуьйсуш тІом бинера цо. Амма оцу Іедало, ша кога хІоьттича, 1933-чу шарахь, лаьцна, Сибрех бархІ шо хан а йаккхийтира. Дийнахь ша балхара ваьлча, серийн цІов баккха лаьмнашна йуккъе хьалавоьдура иза. Оцу хенахь лаьмнашца шалхабуьйлуш бекара цуьнан назманийн гІийла мукъам, шатайпа исбаьхьа аз. Мотт ца хуучу тІулган лаьмнашка цо доьхура, генахь дисинчу, шаьш санна, тІулган лекхачу Кавказан лаьмнашка маршалла далар, шех къастийна шен гІийла доьзал – нохчийн халкъ цадицдар. Цигахь ша висича, цунна хеталора оцу лаьмнаша шеца цхьаьна мукъам бо, ткъа тІулгаш тІехула шабаршца охьауьдучу шийлачу шовданаша шен кийрара бала дІаоьцу.
Буьйсанна Берса набарна охьавижжалц Далла гІуллакхдеш, хуий Іай, цунна наб кхеттий а хьожий, тІаккха шен дагна маршо лора цо. Ши бІаьрг а хьаббой, цхьана куьйга корта а лоций, шен назманан мукъаме терра дегІ а техкош, иза кхойкхура генахь бисинчу Даймахке, цигахь дисинчу дай-нанойн кешнашка, Деле къинхетам боьхура холчахІоьттинчу шен жимчу халкъана. Амма цо цкъа а цІе ца йоккхура шех къаьстина, мичахь бу а ца хуучу шен доьзалан, къеначу йижарийн, вежарийн. Иза ца кхоьрура Іожаллех, амма иза кхоьрура шен Іожалла, каш даймахкана генахь хиларна.
Ткъа мискачу Берсега мел ойланаш йойтура цо. ЙургІанна кІел таьІна, цуьнга ладоьгІуш, кІантана карлайолура вина йурт, нанас бина йижарий, ша дукха левзина меттигаш, нийсарой. Мичахь бу-те уьш берриге а, гур буй-те цунна уьш цкъа а? Къена да а велла, хІокху хийрачу нахана йукъахь висахь, цо хІун дийр ду-те…
***
Хоттах къехкаш, шена хьалха лаьтта вогІавелла вогІучу воккхачу стагана ца гора некъа йистехь хІоьттина лаьтта ши зуда. Цаьршинна хезара воккхачу стага ша-шена меллаша бечу мукъаман аз. ХІинца а иза мукъавалаза вара лаьмнашкахь шен коьрте йиссинчу ойланех. Амма, шина зудчух бІаьрг кхетча, цуьнан сийна ши бІаьрг бекхабелира, хьаьрсачу мекхашна тІе куьг а хьаькхна, цхьа а талхаза цІеначу, кІайчу цергийн ши могІа гучу а боккхуш, догдика велавелира иза цаьршинна.
– ХІан-хІа, йижарий, муха ду шун гІуллакхаш? Бераш могаш дуй? ХІусамаш шийла-м йац? Дукха гІаддайний шун? Собаре хила шу. ХІинцца тІекхочур йу бІаьсте. ТІаккха шортта баа нитташ хир бу. Уьш дІабовлале, царна тІаьххье кхин рицкъа а тІедогІур ду. ДІадаханчу шаро-м Іехийра вай, амма хІинца Іехалур дац. Кхаъ бу шуна! ЦІенош деш вайна гІоьнна ахча лур ду пачхьалкхо. Цул сов, хІор а доьзална цхьацца йетт а ло. Иза билггал бакъду. Районера цІа йогІучу йуьртдас хІинцца дийцира соьга иза. Ткъа и зуда цкъа а харц ца луьй. Бежнаш вешан божалахь долуш санна, паргІат хила мегар ду вай. Ткъа бІаьсте ма-йоллура, вешан бошмаш а йуьйр йу. ХІинца-м хаьара вайна, кхузара