Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 115 116 117 118 119 120 121 122 123 ... 167
Перейти на страницу:
а йукъа а воьллина, гIалин урамашкахула суьдан цIеношка дIавигира иза. Некъан бохалла гIалахой хьуьйсура цуьнга. Цунна тIе пIелгаш а хьийсош, вовшашка къамелаш а деш. Церан йаххьашка хьоьжура Саламбек. Наггахь шех дог лозург а гора цунна. Амма, шех дог ца Iебаш, йаппарш йеш хьуьйсурш алсам гора. Церан шега цабезам хIунда бу, ца хаьара Саламбекана. Царна цо бина бохам а ма бац.

Адамийн амал йу-кх иза. Саламбекан хьагI-гамо йац цаьрца. Иза къу, талорхо, адамашдайархо ву бохуш, ма дуьйцу цаьрга. Цкъа дийцина ца Ia. Итт шеран дохалла дуьйцу. Дуккха а хин тIадамаш тIеэгча, тIулгах а Iуьрг долу, боху. Иштта церан хьех доьлла Iедало хIара сийсазвар. ХIумма а дац. Тахана-кхана дерриг а чекхдер ду. Саламбекана тоьпаш а тoьxнa. Хала киртиг тIехIоьттича, накъостий боьхна хьаьвзича, Зеламхас ма олура, эха сахьтехь сатоха, йа вай мостагIий байъина, йа цара вай дайъина, чекхдер ду. Суд хиллалц сатоьхчахьана, дерриг а чекхдер ду. Цунна тоьпаш а тоьхна. Хьегнарг, лайнарг, баланаш а, гIайгIанаш а – дерриг а чекхдер ду. Амма xIapa де цIемза делахь а, ма хаза ду-кх дуьне. Ваха-м, дера, лаьа. Делахь а, вала дезар ду. Ша бахьана долуш гIалгIайн халкъана бохамаш ца хилийта. Халкъана-м хьовха, цхьана адамна а. Цхьана ненан, цхьана беран бIаьргех хин тIадам ца балийта…

Саламбек суьдан цIа чу вигира. Изза ха гонаха а хIоттийна. Суьдахошна йуьстаха, аннийн гIопастанна тIехьа, аьндажечу гIанта тIе охьахаийра. И чIагIо беламе хетара Саламбекана. Цунна лиъча а, вадалур ма вацара иза. ХIокху цIийнан цхьа неI йу. Полицейскийша а, гIалагIазкхаша а ларйеш. Корашкахь – стаммий аьчган чIораш. ЦIа дуьззина чохь адамаш. TIe, куьйгех-когех тоьхна гIоьмаш. Ша маьрша хилча а, мича гIyp вара иза, хIокху йуккъера а ваьлла? Вада дага а ма ца догIу цунна. Инарла Михеевс дош ма делла цунна ирх ца олла, тоьпаш а тoьxнa вен. Кхин хIумма а ца оьшу цунна.

Цхьана aгIop хевшина суьдан председатель а, къаной а бу. ТIеман нах, эпсарш бу уьш. Вукху aгIop – прокурор. Иза а ву эпсар. Саламбекана хIоттийнарг шатайпа суд йу. ТIеман-аренан суд. Инарла Михеевс хIоттийна.

ЦIа чохь, гIанташ ца тоьуш, ирахь лаьтта адамаш. Суламбек, Арслан, Хадижат, Iелаха. Гергарнаш а, йуьртахой а. Саламбекана ца бевза гIалгIай а. Суьдо Саламбек маршаваккхаре дог дохуш баьхкина. Иза дийна вуьсург хиларх дог диллина, тIаьххьара ган баьхкинарш а хир бу.

Прокуроро къамел до, Саламбек бехке веш. Саламбек дика кхета цо дуьйцучух. Зеламхас ша а, цуьнан тобано а динчу талорашна, йийсаре бигна а, байъина а нах хьийзорна, кхечу а зуламашна xIapa бехке во прокуроро. ТIаккха тешаш лебан болабо. Масех шо хьалха Саламбека талийна некъахой а. Уьш ца бевза цунна. ТIаккха Месяцев Архип чувалаво. Цо тоьшалла до, ша Зеламхас йийсаре вуьгуш, цуьнца Саламбек вара аьлла. Цунна тIаьххье лебира ГIизларан банках белхалой. Зеламхин тобано банк талош, Саламбека ши салти вийра аьлла, тоьшалла дира цара. Тешех шиъ вевзира Саламбекана. Векъана, бIаьргех куьзганаш долу, газанчух тера маж йолу лоха оьрси а, хIетахь, Iадийна, мохь хьекхна йерстина меташка а.

Шина дийнахь лебира тешаш. Царах дукхахберш ца бевзара Саламбекана. Йа царна иза а. Aмма цара тоьшалла дора, хIapa ца хиллачохь а хилла бохуш. КхоалгIачу дийнахь прокуроро, тIаьххьара къамел деш, суьде дийхира Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.

Цецваьлла Саламбек ша хиъна Iачуьра хьалаиккхира, гIоьмийн зIенаш а йекош.

– И хIун ду ахь дуьйцург? – мохь туьйхира цо. – Инарла Михеевс суна дош ма делла, тоьпаш тухуьйтур йу аьлла!

Шена хьалхара схьаэцна горгали бекийра суьдан председатела.

– Собаре хилалахь, Саламбек, – тIехьа а хьаьжна, лохха вистхилира цунна нийсса хьалха жимачу стоьла уллохь хиъна Iен Башир. – Прокуроран декхар ду и къамел дан. Цо хIуъа дийцахь а, кхел суьдо йийр йу. Со а ву къамел дан дезаш.

Делкъе а йина, суд зала чу йирзича, адвокатана дош делира. Цо доцца, амма кIорггера чулацам болуш къамел дира.

– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Лераме прокурор! КхоалгIа де ду хIокху тIаьхьарчу итт шарахь Iедало зуламхо, талорхо, адамашдайархо, разбойник, кхин дуккха а сийсазе цIерш техкина обарг Гасаоджев Саламбек, когех-куьйгех гIоьмаш а тоьхна, гонаха ха а хIоттийна, шуна хьалха хиъна Iен. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь областехь мел хиллачу зуламашна иза бехке веш, къамел дира лерамечу прокуроро. Цо ша цхьаммо йа кхечаьрца декъашхо волуш динчу зуламашна а мукIарло дина бехкевечо. Амма лерамечу прокуроро иза бехкево дукхахдолу зуламаш Гасаоджевс ца дина, йа оцу зуламийн декъашхо а ца хилла иза. Лерамечу прокуроро, иза бехке веш, дукха тешаш хIиттийнехь а, церан и тоьшаллаш цхьа а тайпа бух боцуш, цара шайггара кхоьллина хилар гучуделира сан хеттаршна цара жоьпаш луш. Йуха а боху ас: Гасаоджевс догцIена мукIарло дина шегара дийлинчу зуламашна. Лерамечу прокуроро лерамечу суьде дехар дира ас верасалла тIелаьцначу Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар. Лерамечу суьде тидаме эцар доьху ас, цкъа-делахь, Саламбек шен лаамехь Iедална тIевеана хилар. ШолгIа-делахь, шен бехкашна иза цIенчу даггара дохковаьлла, къера хилар. КхозлагIа-делахь, иза шен лаамехь тIевеана, областан начальнико инарла Михеевс шена тоьпаш тоьхна вен дош делча. Саламбека шена къинхетам ца боьху. Ша ирхъоьллина цавер доьху. ХIунда аьлча тхан къоман гIиллакхехь ирхъоьллина валар доккха эхь ду, ткъа бусалба динехь доккха къа ду. Господина прокуроро дагардира ас верасалла лаьцначу Гасаоджев Саламбека дина а, ца дина а зуламаш. Амма цо цхьа дош а ца элира иза обарган, зуламан новкъа хIунда, муха ваьллера, хьан ваьккхинера. Зеламхас ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тIехь ма-аллара, йа Зеламха а, йа Саламбек а обаргаш бина а, хила аьлла а ца кхоьллина Дала. Уьш хIокху Iедало кхоьллина обаргаш бу, уьш Iедало баьхна зуламан новкъа. Саламбекан дайн латта, Iедало цуьнан дегара дIа а даьккхина, гIалагIазкхашна деллера, ткъа и шайн дайн хилла латта цхьана ханна мехах схьа а эцна, цу тIехь йалта а кхиош, доьзална рицкъа лаха вахана Саламбекан да Гасаоджа, Iедалан омрица цуьнан миска лаппагIа а йагош, гIалагIазкхаша вийнера. Саламбекан ден вешин кIант новкъахь тIенисбеллачу бехна хьерабевллачу гIалагIазкхаша вийнера. Ткъа бехкенаш Iедало жоьпе а ца озийра. И тайпа меттигаш цхьана Саламбекана нисъелла ца Ia, уьш бIеннаш гIалгIашца, кхечу ламанхошца а хилла. Iедалан бертахь гIалагIазкхаша йарташ талайо, адамаш дойу, зударий сийсазбо. Бехкенаш таIзарза буьту. Пачхьалкхана текхамаш бойтуш, халкъ чIанадаьккхина. Къоман экономика, культура, дешар кхиорехь Iедало деш хIумма а дац. Iедалан харцонаша, къизалло вина Саламбеках обарг. Iедало делла цуьнан кара герз. Iедало ваьккхина иза зуламан новкъа. Тахана суьдехь бехкевийриг Саламбек хила ца везара, вай нийсо йан гIерташ делахь, ткъа иза обарган новкъа ваьккхина областан, округийн, отделийн администрацийн чиновникаш, атаманаш хила безара. Уьш

1 ... 115 116 117 118 119 120 121 122 123 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?