Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 93 94 95 96 97 98 99 100 101 ... 167
Перейти на страницу:
богIучу гIалагIазкхаша, станицел арабевлча, йир йолийра. Ткъа гихь маххьаш долу салтий хIинцале а хьацар даьлла, кхоьруш, цеце гондIа бIаьрг а бетташ, царна тIаьхьа богIура. Отрядера эпсарш, говрашкахь шишша цхьаьна а хIоьттина, вовшашца лохха къамелаш деш, забарш йеш боьлуш а хьалха боьлхура.

Кхузара мохк Iаламо кхелина хан йара xIapa. Хьалха дIахьаьжча, баххьашна тIехь ло долуш, тIе мархаш хьаьрчина лекха лаьмнаш гора. Герггахь, церан когашкахь, – баьццара хьаннаш. Некъана шиний aгIop хьаьрмаш тIехь дежара даьхни. Некъан йистошца – бес-бесарчу зeзaгaша кхелина аренаш, зазаша къарзйина хьаннаш. Кхаш тIехь хьаьжкIашна асар доккху бахархой, отряд гучуйаьлча, болх йукъах а боккхий, некъана гена бовлура. Ворданахь вогIург а старана сараг бетташ, хьуьна чохь йа кхаш тIехь къайлавала гIуртура. Мухха делахь а, некъаца коьллашкара олхазарш а дIауьдура, отряд гepгa гIоьртича.

Станицина масех чаккхарма генайаьлча, шен «болх» дIаболийра отрядо. Урядник Тонкогубов коьртехь а волуш, ши-кхо чаккхарма хьалха йоьду разведкин жима разъезд варшахь, некъо голатуххучохь, цхьана гIалгIачунна тIеIоттайелира. Йуккъерчу дегIахь, йехо йуьхь, лекха хьаж, хаза тодина Iаьржа, дуткъий мекхаш долуш, ткъе пхи шо хенара жима стаг вара иза. Коьртахь Iаьржачу холхазан лоха куй, боьмашчу машийн чорда чоа, йукъах дихкина кхелина шаьлта а, доьхка а, aгIoн тIехь хумпIар чохь револьвер а йара цуьнан. Пхеа гIалагIазкхичо, гo а бина, тIе тоьпаш а лаьцна, герз схьадийхира цуьнга.

Къоначу гIалгIачун коьртехь цхьана минотана ойла хьаьвзира. Иза Сурхохера вара, Экажеве ловзарга воьдуш. Шаьлта-м дIалур йара цо, иза-м цуьнан шен йара. Амма тапча цуьнан йацара. Ловзарга воьдуш, доттагIчуьнгара йехна йаьккхинера цо иза. ГIалагIазкхашка тапча дIайелча, доккха эхь догIу цунна тIе. ТIаккха ловзаргахь, синкъерамехь, шовданан коьртехь, пхьоьханахь нахана йукъавийла, мехкаршна хьалха хIуьттийла хир дац цуьнан. Дуьхьал схьа ца алахь а, xIapa сийсазвеш, тIаьхьашха хабарш дуьйцур ду. Нахана йукъахь, аз айдеш, дош ала бакъо а хир йац. И эхь тIелоцучул, кхузахь валар гIоли йу цунна. XIapa Делан мостагIий пхиъ ву, ткъа цуьнан тапчи чохь вopхI патарма бу. Велург вийна, варша иккхича, кIелхьарвер ву иза. Хьалха тIетоха погонаш тIехь билгало йepг къастийра цо.

Йуьхьанца тапча дIа ца луш, дикка йухагIиртира иза. ТIаккха, ша вийна а цара иза дIайоккхург хиларх кхетча, хумпIара чуьра схьайоккхуш, меллаша зIок кIегар а хаийна, хьалха урядникана, йуха цунна уллорчу гIалагIазкхичунна цIеххьана тапча а тоьхна, кхоссавелла варша а иккхина, цигара схьайетта вуьйлира иза. Патармаш чекхдевлча, дIавада гIоьртина иза, пханаршна йуккъе топ тоьхна, вожийра.

Герзаш дуьйлуш хезча, говраш хаьхкина схьакхечира гIалагIазкхийн бIо.

– ХIун хилла кхузахь? – хаьттира Григорчука, чевнаш хилла охьавиллина ши гIалагIазкхи гича.

– Кхузахь цIеххьана цхьана разбойникана тIенисделира тхо. Цо тешнабехк бина, хIокху шинна герз туьйхира…

– Мичахь ву разбойник?

– Варшахь Iуьллу, – корта дIатесира гIалагIазкхичо.

Говрара чу а воьссина, урядникан Тонкогубовн чевне а хьаьжна, реза воцуш корта хьовзийра Григорчука. Дог долччу некхах кхетта дIаьндарг тIехьашха ара ца йолуш, чохь йисинера. ШолгIачу гIалагIазкхичун чов кхераме йацара. Цунна, даьIахках ца хьакхалуш, белшах чекхйаьллера дIаьндарг.

ТIаккха вийна варшахь Iуьллучу гIалгIачунна тIевахара капитан. БIаьлланган кулла йуккъе йуьхьарвахана Iуьллура иза. Цо буйна къевлина тапча, пIелгаш даьстина, схьа а йаьккхина, шен кисана йоьллира Григорчука. ТIаккха гIалгIачун йукъахара шаьлта а, доьхка а схьадаккха аьлла, гIалагIазкхашка омра а дина, цигара дIавелира. Вукхара Iуьллучунна тIера куй, чоа, когара эткаш а цхьаьна схьайехира.

Чов хилла ши гIалагIазкхи вордан тIе а виллина, хьалха дIайахара отряд. Сурхохе кхаьчча йуьртда тIе а кхайкхина, чевнаш хилларш Тарски станице бигар цунна тIедиллира Григорчука. Вийна гIалгIа Iуьллу меттиг а йийцира.

Iacca-хица хьала отряд чIожа йоьлча, хьалха йоьдучу разъездана ши гIалгIа дуьхьалкхийтира. Цхьаъ шовзткъа шо хенара, важа – сирвелла воккха стаг. Къоначуьнгахь берданга топ йара, воккхачу стеган белшах тийсина – машин таьлсаш. Разъездо топ схьайехча, кочара схьа а йаьккхина, ша иза дIало а моттийтина, тоьхна гIалагIазкхи вийра. ГIалгIа шолгIа тоха кхиале, цхьаммо топ, вукхо тур туьйхира цунна. Белшаш тIера таьлсаш охьа а тийсина, воккха стаг йуханехьа новкъахула хьалаведира. Некъана йуьстахъиккхина кIелхьарволийла а дацара цуьнан. Шиний aгIop нийсса ирахь лекха тIулган бердаш дара. Шена топ ца кхетийта, готтачу некъан шоралла дIасахьийзаш, ницкъ ма-кхоччу дIауьду иза ткъех гIулч гена валале тоьпаш тоьхна вожийра.

Цхьана сохьтехь некъ бича, шайна дуьхьал нисвелла ши гIалгIа, къамел ца деш, тоьпаш тоьхна вийра гIалагIaзкхаша.

5

Капитан Дудников, ша къиза велахь а, законаш а, тIеман низам а лоруш, цхьа а тайпа хьийзораш йоцуш, уьш лардеш, кхочушдеш стаг вара. Герзаца дуьхьало йина ши гIалгIа верна-м ала хIумма а дацара цуьнан, амма карахь герз а доцуш, цхьа а тайпа дуьхьало йина а воцу машаре кхо гIалгIа верна реза вацара. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара Iожаллех кIелхьарвала гIерташ, некъан шоралла дIасахьийзаш, шен ницкъ ма-кхоччу уьду къена гIалгIа.

– Капитан Григорчук, и тайпа къизалла хьайгара кхин ахь йолуьйтур йац аьлла, хета суна, – элира цо говрахь шена уллохь вогIучу Григорчуке.

Дудниковс аьллачух ца кхеташ, цецваьлла цуьнга дIахьаьжира Григорчук.

– Ахь хIун къизалла йуьйцу, капитан?

– Бехке доцу адамаш дайар.

– Цара цхьа гIалагIазкхи вер, кхаанна чевнаш йар бехк ца лору ахь? TIе, урядник Тонкогубов велла хила а мега.

– Герзаца дуьхьало йинарг а, гIалагIазкхи вийнарг а, кхаанна чевнаш йинарг а ши гIалгIа ву. Вукху кхаангахь герз а дацара, цара дуьхьало а ца йинера. Царах цхьаъ хьан ден ден хенара къена стаг вара. Цунна а тохийтира ахь!

– Сайн омранах дош ас айсса лур ду.

– Хьоьга жоп а доьхур дац, ахь жоп а лур дац. Ахь тешаш ма ца битина. Хилларг хилла даьлла, иза нислур дац. Амма кхидIа сан бертахь бен омра ма лолахь.

– Господин капитан, – кIоршаме вистхилира Григорчук. – Сайн гIалагIазкхийн бIона а, салтийн ротина а омранаш луш кхузахь со цхьаннах а дагавийла ца оьшу, моьтту суна. Сан цхьа хьаькам ву – Вербицкий. Иза воцчохь со сайна хьаькам ву.

– ХIокху операцин куьйгалхо а, хIокхуьнан тIаьхьалонах жоп дала дезарг а со хилар ахь а ма дицделахь, капитан!

Григорчукан морзгалша къарзйина йуьхь кIайелира.

Оцу хьалхарчу дийнахь цаьршинна йукъайаьхкина галморзахаллаш шолгIачу дийнахь йуха а дIайуьйлайелира. ХIинца тIеман кхеташонехь. Отряд хьалха тIекхача йезарг гIалгIайн кIотар ЦIopxe йара. Дудниковс шен агентурехула хьалххе гулбинчу хаамашца, оцу кIотарахь, Габис цIе йолуш, цхьа стаг вара, Зеламха кест-кеста тIевуссуш. Дудниковс Iалашо хIоттийра, кIотарна цIеххьана го а бина, цIийнах а хьовсуш, герз схьадаккха. Цигахь Зеламха хила а, иза вацахь, обаргаш хила а тарло, бохура цо. Григорчук дуьхьал вара. Дудниковн план кхочушйан доьлча, цигахь де дайа деза, бохура. ТIаккха отряд кхуза кхачар лаьмнашкахь даьржар ду, обаргийн гIepaнаша, цхьаьна а кхетта, кIелонаш йеш, тIелеташ, отрядана зенаш дийр ду. Цундела, иза ца хилийта, цIеххьана кIотарна тIе а летта,

1 ... 93 94 95 96 97 98 99 100 101 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?