Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 75 76 77 78 79 80 81 82 83 ... 167
Перейти на страницу:
багара цинцаш а детташ, цIогIане маьхьарий а хьоькхуш, неIалт кхайкхадора нохчашна а, гIалгIашна а, уьш зударшца, берашца, къеначаьрца, хIy дойуш, лаххьийна хIаллакбина, хIокху дуьненара дIабахаре кхойкхура. Кхечара, сих ца луш, собаре дагардора цара хIокху тIаьххьарчу ах бIе шарахь Россина а, кхузахь бехачу оьрсашна а дина зуламаш. Къоланаш, талораш. Адамаш лечкъор, дайар. Дийна доллуш адамаш йа церан декъий дагор. Областехь дIа мел дина зулам нохчашна а, гIалгIашна а коча дохуьйтуш. Ткъа оцу талорхойн гIеранаш цхьана нохчийн а, гIалгIайн а хилла ца Iapa. И гIеранаш йара гIалагIазкхийн а, хIирийн а, гIебартойн а, гIалмакхойн а, дегIастанхойн а. Шаьш-шаьш къаьстина а, массо а къаьмнех зуламхой цхьаьнакхетта а. Делахь а бехке бийриш нохчий а, гIалгIай а бара. И зуламхой царна йукъахь алсам хиларна а, и ши халкъ шайна бIаьрга ган цадезарна а.

Амма къамелахойх цхьаммо а дош ца олура нохчийн халкъерчу бохамечу хьолах. И цхьаболу нохчий оцу зуламашна тIетоьттучу бахьанех лаьцна. ГIалагIазкхийн хьолахоша ца дуьйцура кхузара ткъе ши станица нохчашкара дIабаьккхинчу ах миллион десятина уггар тоьллачу махка тIехь йиллина хилар. Цигара дIалаьхкина нохчий тIулган лаьмнашкахь, уьшалечу хьаннашкахь, шайн доларчу лаьттан коржамашна тIера даьллачу йалтех доьзалш Iаьнах баха а таро йоцуш, мацалла хьоьгуш хилар. Ца дуьйцура Iедало а, шаьш а оцу халкъана тIехь латточу Iазапах, къизаллех, харцонех лаьцна. Импери чохь дехачу къаьмнашлахь уггар дукха цамгарш, баларш хуьлуш дерг нохчийн халкъ хилар. Цуьнан махкахь берашна деша цхьа а ишкол, йа цомгашчарна дарба лело цхьа а больница цахилар. БapхIитта бер долчу доьзалехь Iаьнан заманахь массеран а йукъара цхьа мачаш а, тIехула йуху йовха цхьа бедар а бен цахилар.

Нохчийн мехкан уггар коьрта, хьоле хазна мехкадаьтта дара. Амма оцу мехкадаьттанан цхьа тIaдaм а нохчийн халкъана кхочуш бацара. Цуьнан дай бара оьрсий, эрмалой, англичанаш, французаш, бельгийцаш, немцой. Оцу хьолахойн гIеранна йуккъехь нохчийн цхьа доьзал бен бацара. Оьрсийн паччахьашна доггах гIуллакх динчу инарла Чермоевн доьзал.

Ткъа оцу гIеранна и мехкадаьтта доккхуш уггар хала белхаш бийраш нохчий бара. Цара гIунаш охкура белашца, зIокбергашца. ГIу кIаргйелча, машшех дихкинчу чийлакаш чохь латта хьала а дохуш. Газах ларбала йуьхьах дуткъачу эчиган мIаьжгаш а йухкий. МIаьжгах тесначу резинкин шланга чухула гIун кIоргехь болхбечунна хIаваъ лора лакха тIехь левси кховсучо. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь мехкадаьтта доккхуш, цIеран ницкъаца болх беш, техника йукъайаьллера, амма дукхахболу болх куьйгийн ницкъаца бора. И хала белхаш беш болу нохчий хеназа цамгарша кIелбуьтура, къанбора, заьIап бора, хеназа кхалхарна тIебуьгура. Оьрсийн белхалойн хьелаш а дацара атта. Шийтта-дейтта сохьтехь болх бора цара. Амма нохчийн белхан де церачул деха, ткъа алапа мосазза а лахара дара. Промыслашкахь а, гIалахь а белхаш беш кIезиг бара нохчий. Кхузахь белхаш бан говзаллаш а йацара церан, цул совнаха, гIалахь балха а ца оьцура уьш, кхузахь баха ховша бакъо а ца лора.

Шайн дайшкара паччахьан Iедало гIалагIазкхашна а, гIебартойн, чергазойн, гIумкийн элашна а дIаделлачу латтанаш тIехь йолах болх беш болу эзарнаш нохчий а ца хьехабора. ХIокху махкахь доьзалшна сискал йаккха болх боцуш, ги пIаьлдигаш а тийсина, БуритIахула, Бакохула, Тифлисехула, Харковхула, Батумехула, Ростовхула, Москохула, Петарбухе кхаччалц меца, берзина буьйлабелла лела эзарнаш нохчий а ца хьехабора. Уьш а, кхин дуккха а шайн а, Iедалан а бехкенна кхолладелла зуламаш а, халкъера бохам а, баланаш а ца хьехабора хIокху гуламехь къамелахоша, ткъа шаьш бIарздинчу, собар кхачийнчу декъазчу халкъо гIийла йен дуьхьало хьаша, иза къардан, цунна къиза таIзар дан бахьанаш а, некъаш а лоьхура.

3

Гуламан дакъалацархошна цхьатера ца хуьлура нохчашкахьара зенаш-зуламаш. Нийсса аьлча, мехкадаьттанан промыслийн, заводийн, фабрикийн дайшна, цхьа наггахь кассашкара ахча дахьар бен, кхин сингаттам ца болура нохчашкара. Оцу хьолахошна зенаш дийриш оьрсийн белхалой бара. Масех дийнахь, масех кIиранах, ткъа цкъацкъа масех баттахь а забастовкаш, стачкаш йеш, болх сецабора цара. Царал тIаьхьа мелла а зенаш хуьлура туьканийн, банкийн дайшна а, пачхьалкхан почтана а. Нохчашкахьара къаьсттана баккхий бохамаш хуьлурш гIалагIазкхийн бахархой а, совдегарш а бара. Цундела хIокху гуламехь къамелаш дан трибуни тIе хьалабуьйлурш гIалагIазкхий хуьлура.

РогIехь трибуне хьалавелира лекхачу, зоьрталчу дегIара, хьаьжан ах дIалоцуш йеха кIужалш хьийзина никIапа а, дукъ сеттина стомма мара а, цунна кIел хьаьрса даккхий мекхаш а, йеха йеакIов чIениг а йолуш гIалагIазкхи. Ша Кахановски станицан атаман ву аьлла, вовзийтира цо.

– Революцин ун даьржинчу шерашкахь шуна масех миллион соьмана зенаш хиллийла, хаьа суна, – долийра цо гIоргIачу озаца. – Господин Ахвердовс хоьтту, и шайна хилла зенаш хьан меттахIиттор ду, бохуш. Тхан, гIалагIазкхийн, дог лозу и зенаш хиллачу шух. Амма, Далла бу хастам, гIалагIазкхашна хиллачу а, хуьлуш долчу а зенашца дуьстича, и шуна хилларг хIумма а доцург ду. Шун мехкадаьттан промыслийн, заводийн, фабрикийн гIишлош а, белхан гIирсаш а ларбелла. Кхерам гepгa гIоьртича, аш хьалххе кIелхьардаьккхина шайн ахча а, механа деза мел дерг а. Революцин дарц тIехдаьлча, цхьана йоццачу хенахь аш меттахIиттийна бунтовщикаша йохийна гIишлойн неI-кор, техника, белхан гIирсаш. Бехке берш балхара мукъабаьхча, бисинчу белхалоша шун болх дIаболийна. Аш балхамаш бахь а, шуна хилла зенаш-зуламаш тоххара меттахIиттина. Оцу тIехь пачхьалкхо мелла а гIo а дина шуна. Цхьадерг белхалойн хьокъах а меттахIоттийна аш. Церан белхан дийнан хан йахйеш а, алапаш лахдеш а, гIуданаш токхуьйтуш а, церан Iер-дахаран хьелаш кхолларна шаьш хIетталц йеш хилла харжаш дIайохуш йа лахйеш а. Оцу дерригенна а тIе шун дахар а, шун бахамаш а ларбеш Iедал, салтий, полици, жандармери, гIалагIазкхий бара…

Гуламан йозанча къастийна говрачух тера йуьхь а, белшаш тIе хIуьттуш месаш а, лергашна лаха йевлла бакенбардаш а, дуткъа тодина Iаьржа мекхаш а долуш, шовзткъа шо хенара стаг, пIелгаш йуккъехь къолам а ловзош, цкъацкъа зала чу бIаьрг а тухуш, тIаккха шена хьалха Iуьллучу цIеначу кехат тIе цхьацца сизаш а хьоькхуш, сагатлуш хиъна Iapa. Цуьнан меттана болх беш йара дехьо, жимачу стоьла уллохь, хиъна бIаьргех доьхкина даккхий куьзганаш долу къаналлехьа лестина эгIаза зуда.

– Амма тхан станичникашна хилла а, хуьлуш долу а зенаш-зуламаш, церан дахарна, бахамашна болу кхерам а бIозза алсам бу, йа, нийсса аьлча, иза бийца а, цуьнан суртхIотто а хала ду. Цхьа бежана, уьстагI, говр кхиош лаххара а пхеа шарахь къахьега деза гIалагIазкхичо. Уьш дажош, царна докъар, хIоъ латтош, божалш цIандеш, уьш дузош, хи малош, даим дIа дийнахь а, буса а царна тIехь Iуналла латтош. Цо къица, хьацарца масех шарахь къахьоьгуш кхиийна бежана, уьстагI, говр нохчаша, богIий, дажа дIалаьллинчуьра, йа божалара доккхий, дIадуьгу. Йа новкъахь дуьхьал а бовлий, ворданна, гIудалкхана доьжна стерчий, говраш дIадуьгу. Шуна ма-хаъара, стерчех, говрех ваьлла йуьртахь веха, лаьттаца болх бен стаг ши куьг доцуш санна хуьлу. ГIалагIазкхичун а ма

1 ... 75 76 77 78 79 80 81 82 83 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?