Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 70 71 72 73 74 75 76 77 78 ... 167
Перейти на страницу:
хьовха, эрмалошка а. Амма тхаьш Пачхьалкхан Думин депутаташ хиларе терра, тхешан дегнашца а, дог-ойланца а, догIмашца а оьрсийн халкъехьа ду тхо. Цундела тхан а, вайн массеран а сийлахь декхар ду уггар хьалха оьрсийн халкъан, оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезарш, сий лардар. Суна хетарехь, Кавказерчу бусалба халкъийн лидерийн Iалашо йу азербайджанийн, дегIастанхойн, нохчийн, гIалгIайн Цхьаьнакхетта Штаташ кхолла. Оцу хьокъехь Темирхан-Шурарчу гIараваьллачу хьолахочун, помещикан Казаналипов Асельдербекан шен бартахошца хилла къамел хиъна жандармерин урхаллина. Кавказерчу бусалба халкъаша цуьрриг а ца лечкъабо оьрсашка, гауршка шайн цабезам. Хонкар-махкаца вайн тIом хиларе сатуьйсу цара. ТIаккха, шайн мехкашкара оьрсий лаххьийна дIа а лаьхкина, цхьаьнакхетта, йозуш йоцу бусалба пачхьалкх кхолла. Наместникана ца хаьа и къайлах болам хилар. Йа, ца хаьа, моттуьйту. Бусалба халкъийн коьртачу лидерех цхьаъ волу Казаналипов шен тIома кIел а воьллина, Христосан четахь санна, ларво цо. Делах санна, цунах теша наместник. Кхин цхьа гIуллакх а аш тидаме эца лаьара суна, господа депутаташ. Кавказехь оьрсийн пачхьалкхана, оьрсийн Iедална дуьхьал болх беш цигарчу халкъийн политически масех союз а, йукъаралла а йу. Эрмалойн культурах союз, гуьржийн культурах йукъаралла, бусалба халкъашна йукъахь серло йаржоран йукъаралла, кхиерш а. Уьш йерриг а оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх беш йу.

Трибуни тIехь шена хьалха лаьттачу стаки чуьрчу хих ши къурд а бина, балдех кIайн йовлакх а хьаькхна, йайн йовхарш а тоьхна, шен аз тодира Марковс:

– Амма оьрсийн пачхьалкхан идеяш а, оьрсийн мотт а, культура а йаржо кхоьллина цхьа а йукъаралла йац Кавказехь. Цигарчу къаьмнийн йукъара мотт оьрсийн пачхьалкхан оьрсийн мотт бац, господа, ткъа азербайджанийн, нийсса аьлча, Россин исторически мостагIийн туркойн мотт бу. Цунна ас бехке ца до цигара бусалба халкъаш. Царна йукъахь туркойн, пантюркски, панисламски идеяш йаржораш церан лидерш бу. Кавказан администрацин чиновникаш. Уггар хьалха Цуьнан императорски воккхаллин штальмейстер, Воронцов-Дашковн аьтту куьг Казаналипов! Сан боккха лерам бу цигарчу халкъийн союзашка а, йукъараллашка а. Aмма цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх бо цигахь. Цара Кавказехь йаржораш керстанашна, оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал йолу туркойн идеалаш йу. Кхузахь бусалбанийн фракцин векал къайладаккха гIоьртира Россерчу бусалбанашна йукъахь йаьржина панисламизмам идеяш хилар. Амма уьш йолуш а йу, жигара болх беш а йу. Панисламизман болам Iаламат кхераме бу Россина. Пачхьалкхан Думо тидаме эца лаьа суна Россехь бехаш пхийтта миллион бусалбанаш хилар. Панисламизман идеяш цхьана кавказски бусалба халкъийн хилла ца Ia. Цигахула дIа Йуккъерчу Азе, казахийн аренашка, Поволжье йаьржина уьш. Доцца аьлча, панисламизман ун дерриг дуьненахь даьржина. Панисламизман Iалашо йу, дуьненара дерриг а бусалба халкъаш цхьаьна а тоьхна, туркойн султан коьртехь а волуш, керста пачхьалкхашна дуьхьал нуьцкъала бусалба пачхьалкх кхолла. ШолгIа пантюркизман идея йу: нагахь санна и хьалхара Iалашо кхочуш ца йалахь, туркойн а, российски а бусалба халкъийн цхьа пачхьалкх кхолла. Пачхьалкхан Думехь бусалбанийн фракци кхоллайалар лаа дац аьлла, хета суна. Иза кхоллайалар новкъа дац суна, амма иза оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезаршна болх беш хила йеза.

Марковн къамелана резахилла, дехха тIараш диттира черносотенцаша а, царна гергарчу октябристаша а.

3

Тамашийна ду цхьа хIума. Цхьацца стеган цIарца тера догIуш хуьлу цуьнан дегI, йуьхь-сибат, аз, къамел, болар, амалш. ГIалгIазкхи аьлча, вайна дуьхьалхIутту шатайпа сурт. Лекха дeгI, шуьйра белшаш, нуьцкъала пхьаьрсаш, Iаьржа йа хьаьрса даккхий мекхаш, йуькъа, йеха никIапа, гIopгIa аз, майра хьажар, иштта дIа кхин а. Ткъа хIинца трибуне хьалаваьллачу Теркан гIалгIазкхийн депутатан Лисичкинан цхьа а амат тера дацара вай сурт хIоттийнчу гIалгIазкхех. Трибуни тIехьа халла гора цуьнан баккъалла а цхьогалчух тера корта. Йуткъа, йеха йуьхь, ира, беха мара. Мукадехкачух тера цIен, горга, кегий бIаьргаш, мекара, хьастаме, цIогIане аз.

– Лераме господа депутаташ! Нохчашкара а, гIалгIашкара а ах миллион десятина латта дIа а даьккхина, цига баха охьахевшина аьлла, гIалгIазкхий бехке бира господина Гайдаровс. Нохчашкара а, гIалгIашкара а латта дIа ца даьккхина йа гIалгIазкхаша а, йа правительствос а. ГIалгIазкхаша безчу мехах эцна цаьргара и латта. Маситта эзар гIалгIазкхичун корта белла оцу лаьттах. Оцу лаьтта тIе шаьш баха охьаховшале, цунна тIе гота йаккхале, иза шайн цIийца хьандина гIалгIазкхаша. Господина Гайдаровс догдилла деза оцу лаьттах. ГIалгIазкхашкара цхьаммо а цхьа гe латта дIа а доккхур дац, даккха гIоьртича, гIалгIазкхаша цхьа ге латта цхьанна дIа а лур дац. Нагахь санна господина Гайдаровна гIалгIазкхий цига муха, хIунда охьахевшина ца хаахь, иза историга йухахьажа веза. ХIyммa а атта дацара царна, шайн дай баьхна мохк Россехь дIатесна, Кавказе а баьхкина, ламанхойн шаьлтанашна а, дIаьндаргашна а кIел баха охьаховша. Оьрсийн пачхьалкхан къилбехьара дозанаш акхачу ламанхойх лардан охьахевшина уьш цига. Цундела Пачхьалкхан Думан депутатан Гайдаровн бакъо йац аьлла, хета суна, Теркан гIалгIазкхийн бакъонех а, кхолламах а лаьцна кхузахь хабар дийца.

Шен бIаьргех куьзганаш а доьхкина, кисанара схьадаьккхина цхьа кехат даржийна хьалха лецира Лисичкина:

– Господина Гайдаровс элира, гIалгIазкхийн Iалашо йу нохчий, гIалгIай оцу махкара дIабаха, йа цигахь байъина, шайна новкъара дIабаха. ГIалгIазкхий бац нохчашна ницкъбийраш, ткъа нохчий бу оцу махкахь уьш машаре баха ца буьтурш. Цунна тоьшаллина ас бовзуьйту шуна Червленехь хиллачу гIалгIазкхийн гуламан сацам: «Зорбанехула а, округийн начальникашкахула а дIакхайкхор доьху оха туземни бахархошца гIалгIазкхийн цхьа а тайпа мостагIалла цахилар, царна ницкъ бан гIалгIазкхий кечлуш цахилар а. Иза тхуна цкъа а дагадеана а дац, дагадогIийла а дац. ГIалгIазкхашна машар беза. Цундела цхьана шуьна гонаха охьа а хевшина, вовшашка вежараллин куьг кховдоре, хIокху махкахь бертахь, машаре дахаре кхойкху тхо ламанхошка». Теркан гIалгIазкхий барте, машаре кхойкху ламанхошка, вежараллин куьг кхийдадо цаьрга, ткъа ламанхоша тхуна талораш до, тхан адамаш дойу, некъашца дIасадовла а, кхаш тIехь болх бан а, даьхни дажо а ца дуьту. Гайдаровс элира, гIалгIазкхаша ламанхошкара гIуданаш доху. Беламе ду цо аьлларг! ГIалгIазкхийн бакъо йац ламанхошна гIуда тоха а, даккха а. Иза администрацин болх бу. Ткъа оцу тIеxь администрацис, цхьа а тайпа озабезам боцуш, нийсо йо. Цхьа тоьшалла даладо ас масална. Яндаркъехь гIалгIайн, гIалгIазкхийн герзаца тасадалар хилча, уьш дIасакъасто баьхкинчу салташа шайн пулеметаш шиний агIорхьарчарна тIеерзийра. Доцца аьлча, областерчу администрацис озабезам ца бо гIалгIазкхашкахьа.

Гайдаровс председателе дехар дира, масех дош ала шена бакъо йоьхуш:

– Господин Лисичкин нийса ца кхетта гIалгIазкхех лаьцна ас аьллачух. Ламанхошца мостагIаллина ас берриг гIалгIазкхий бехке ца бо. Дукхахболу гIалгIазкхий къен беха, ламанхой санна. Церан цхьа а тайпа мостагIалла дац нохчашций, гIалгIашций. И мостагIалла кхуллурш, кIамдийраш а, марсадохурш а гIалгIазкхийн хьолахой бу, администраци а йу. Оцу питанчех цхьаъ Теркан гIалгIазкхийн идеолог господин Лисичкин а ву. Ткъа гIалгIазкхаша дIалаьцначу лаьттах лаьцна ас бакъдерг аьлла. ГIалгIазкхаша даьккхинехь а, правительствос даьккхинехь а, цаьргара дIадаьккхина-кх иза. Ахь боху, господин Лисичкин, итт эзарнаш гIалгIазкхийн кортойх эцна и латта, гIалгIазкхийн

1 ... 70 71 72 73 74 75 76 77 78 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?