Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 37 38 39 40 41 42 43 44 45 ... 167
Перейти на страницу:
йарташкарчу нохчашций кхузара салтий, гIалагIазкхий лара а ца бина, царна гIоьнна кхечу областашкара эскарш далош ду а, бохура. Иштта балош болчу салташа а, гIалагIазкхаша а, кхо де хьалха шаьш тIехь долу цIерпошт Несарехь сецча, цунна гондIарчу гIалгIайн йарташкахь талораш дина, цигахь хиллачу тIамехь дикка гIалгIай а, гIалагIазкхий а байъина бохуш а, дуьйцура. Дийцарехь, и кхерам гIалахошна а герга бара. Сийсара шаьш Соьлжа-ГIала ма-кхоччура, тIе мел нисбеллачу ламанхошна йетта буьйлабеллачу цара, цхьана чIебарлочунна лен чов а йина, уьш маларш муьйлуш, талораш деш, хьерабевлла лелаш бу бохуш а, дуьйцура.

TIe, иза ца хилча а, кхин шортта бала ма бара Янаркъин кийрахь. Цо Iедална такха дезаш налогаш а, гIуданаш а цхьаьнатоьхча, йалх туьма ахча дара. Iалелай, Янаркъина ма дукха ахча ду-кх иза! Мел дика а боккха цхьа йетт. Ткъа Янаркъин кертахь, йеккъа цхьа аьттан цIоьллаг йоцург, беа кога тIехь кхин хьайба дац. Янаркъа а, цуьнан йоккха стаг а хене доккхурш цаьршиннан маззакъдоьлла къена куьйгаш ду. Тохара, цхьа пхийтта-ткъа шо хьалха-м, шарахь ткъе пхи верта дора цаьршиммо, цхьаннан мах туьма а болуш. Амма хIинца дегIехь ницкъ бац. ДогIмашкара ницкъ эшна, бIаьрса а гIелделла. Иттаннал тIех верта ца дало. ТIехула тIе, хьалха цара вертанаш шайн тIергIах дора. ХIинца церан долахь цхьа уьстагI а бац. XIapa карахь дисина верта дохкалахь, диъ туьма хуьлу цунна. Цхьа туьма мукъана а шаьшшинна Iаьнан духарна ца дайъича а ца долу. Миска, корта шелло шен, кIинжа йолу кортали далахь шена бохуш, йисина цуьнан йоккха стаг. Шена хIумма а ца эцна а, цунна и кортали оьцур ду Янаркъас. Кхо туьма мукъана а цIа кхачалур дац-те? ТIаккха ах декхар тIерадоккхур дара. Амма дерриг а йалх туьма дIаделча а, кIелхьара ца волу. Герз а, ахча а доьху. Ткъа Янаркъин, атталла, мокхаз буьллу нохчийн тапча а йац. Цхьа тиша шаьлта йоцург, кхин герз дац. Тохара, и къона волуш, цо тIом бечу хенахь дара цуьнан уггар тоьлла герз. Цхьадерг Iедало дIадаьккхина, ткъа цхьадерг, къелла шайн гIаддайча, доьхкина. Къанвелча, цо хIун дора герзах?

Янаркъина хаьа шайн йуьртахь итт стеган бен оьрсийн а, япон а тоьпаш цахилар. Царах цхьаъ Хьомсуркъица цхьаьна хьуьнах йахана. ХIан, йолчу дайша важа исс дIаелча а, ма йуьсу йуьртана тIехь йезткъе цхьайтта топ. Уьш эцна йала йеза йа церан метта хIоранна тIера пхиппа туьма ахча дала деза. Тур-шаьлтанаш а, патармаш а ма ду такха дезаш. Мел ахча лоцу цара? Хьанна хаьа иза лара! Лаххарчу хьесапехь, исс-итт туьма ахча тIедужу Янаркъина. Дерриг а лерича – налог, гIуданаш цхьаьнатоьхча, – йалхитта туьма. Иза такха долахь, дууш-молуш а, тIедуха-когадуха а доцуш, шина шарахь къахьега деза цаьршиммо… Амма гатийуьртахоша лур дац Iедална йа и декхарш а, йа герз а. Цара муха, мичара ло уьш, шайн ца хилча? ТаIзарна салтий йуьрта багIахь, царна дуьхьало йан барт хилла гуламехь.

– Эткаш хьанна йеза! Дика эткаш! ЧIогIа эткаш! Йорах эткаш йезарг схьавола! – сих-сиха мохь тухура Янаркъина уллохь лаьттачу векъначу, бесечу оьрсичо, шина эткан бертигашна чу куьйгаш а доьхкина, эткийн айраш вовшах а детташ.

Стигал кхола йолайелча, сагатделира Янаркъин. Нагахь и дисина верта хьалхехьо дохкалахь, ша оьцург а эцна, тахана цIа ваха ойла йара цуьнан. Амма цунах цхьаммо а йалх соьмал тIех ца лора. Муха лур ду цо иза оцу мехах? Йоккхачу стага буьззинчу баттахь хьегна къа. Вукху деаннал ледара-м, дера, ду хIapa. BopхI-aх делча-м дIадохка реза хир вара иза.

– Вон ду вайшиннан гIуллакхаш, ваша, – элира эткаш йухкучу оьрсичо. – Вайшиннан товар дорах деза массарна а. Ткъа сан цIерачу, хIорш йохкаре хьоьжуш, ладоьгIучу бархI къамкъарган бала бац цхьанна а. Эткаш йезарг схьавола! Йорах дIало шуна!

ХIетталц паргIат мах беш хилла базар, йохийнчу зингатийн туьйлигах тарлуш, цIеххьана меттахъхьайра. Янаркъина гира, шайн хIуманаш дIа а лоьIуш, уьш пхьаьрса кIел лаьцна а, ги йетташ а, базарара адамаш дIауьдуш. Дехьо йалташ духкучу могIарехь гIовгIанаш йевлира. Цигахь мах бийраш дукхахберш нохчий хуьлу дела, хIун хилла-те аьлла, сагатделира Янаркъин.

– Хьажал хьо, ваша, и схьагIерта бехна тIуртIазбевлла гIалагIазкхий! – Янаркъина муьшка йира эткаш йухкучо. – Слепцовскера тхан станичникаш бу уьш. ЦIахь а, арахь а синтем бац-кх цаьргахьара! Хьолахойх бу уьш. Хьажахьа, хьажахьа! Велла волийла со, царна хьалха вoгIypг тхан станицера къу Игнат вацахь! Ой, иза лаьцна, набахти чувоьллина ма вара? ХIинца гIалахь, базархула маьрша лела! Диканна схьа ца гIерта уьш. Кхузара дIавалий вайша?

Цо дуьйцучух ца кхетахь а, иза хьоьжучу агIор дIахьаьжча, Янаркъина гира, нах дIаса а тоьттуш, воьлуш, терсаш, шайна тIе схьагIерта пхи стаг. Ламанхойн духарца кечвелла, коча тийсина тарраш долуш волу виъ гIалагIазкхи вуйла хиира Янаркъина, царах бIаьрг ма-кхийтти. Ткъа царна хьалха вогIу лекха, зоьртала стаг гIалахойх вухавелла вара. Янаркъина ца везавелира маларо бIаьргаш цIийдина, йаххьаш севсина, техкаш, кхийсалуш цунна тIаьхьавoгIy виъ гIалагIазкхи. Цара дагадаийтира цунна ши-кхо де хьалха Несарехь а, ткъа сийсара кхузарчу вокзалехь а хилла бохуш, дуьйцу дов.

– ХIей, дед, верта духкуш дуй хьан? – Янаркъин белшаш тIекхоьллина кхозучу вертанах пIелг Iоьттира оцу веанна хьалха вогIучо. – ХIун доьху ахь?

– Цхьа туьма, – элира цо, пIелг хьала а лаьцна. – Один чорвон.

– Къена Iовдал, оцу истангах туьма хьан ло хьуна? Ишттанехьа схьало, мах боцуш, – Янаркъин белшаш тIера чоа, озийна, схьа а даьккхина, хьаьрсачу, стоммачу, лохачу гIалагIазкхичун кара тесира лекхачо. – ДIаэца, гIалагIазкхи, хьоьгахь товш хир ду хIара!

Уьш шегара верта эца ца гIертийла-м хаьара Янаркъина, амма, цара иза дийр ду, ца моьттура. Цхьана минотана цецваьлла, воьхна висира иза, тIаккха шена ахча а ца луш, уьш дIабоьлхий хиъча, тIаьхьа а хьаьдда, гIалагIазкхичун пхьаьрса кIелхьара шен верта, катоьхна, озийна схьа а даьккхина, маракъевлира цо. Амма царах цхьаммо, эрабугIано санна, ворта а саттийна, чухьаьдда, чоьже буй тоьхна, кхоьссина аркъалвахийтира иза.

– Аш хIун до, ва станичникаш? Мича бахьанина йетта аш оцу мисканна? Делах мукъана кхера, – мохь оьхура эткаш йухкучун, амма лекхачо, бетах буй тоьхна, аркъал вахийтира иза а.

– Вежарий! Йетта нохчашна!

– Йетта ордина!

– Ата азиаташ! Церан бехк бу, цIepa а даьхна, вай схьадалор!

– Йетта акхарошна!

ШолгIа тоьхначо синкхетамах ваьккхина Iуьллучу Янаркъина ца хезира цара хьоькху акха маьхьарий а, ца хаалора, мийраш бетташ, ша хьоьшуш а…

3

Синкхетаме веача, ша цхьана ца евзачу хIусамехь карийра Янаркъина. БIаьргашна тIеуззуш, шен хьаьжа тIе диллина хица шелдина гата хьала а теттина, цIа чухула дIаса бIаьрг туьйхира цо. ХIокху чохь дерг цунна цкъа а цагинарг дара: хIapa ша тIехь Iуьллу лекха гIовлеш йолу сетта маьнга а, стол а, лекха диъ гIант а, баьрчерчу пенан сонехь тIехула гата а тесна кхозу цхьана безамехьчу

1 ... 37 38 39 40 41 42 43 44 45 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?