Книги онлайн и без регистрации » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 10 11 12 13 14 15 16 17 18 ... 167
Перейти на страницу:
хаьттира Овхьада.

– Гати-Юьртара.

– Цигара хьенан, мила йу хьо?

– Сан да вевзар вац хьуна. Ткъа шо хьалха дIакхелхина иза. Халид йара цуьнан цIе.

Овхьадана дагавогIу Халид. Къен-миска, оьзда, доьналле къонах. Цуьнан йоI йара Деши.

– ЦIе хIун йу хьан?

– Деши.

Деши… Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а цIена, боккха безам. ТIаьхьа цуьнан уггар тешамечу, майрачу, оьздачу доттагIчун, бIаьхаллин накъостан Болатан зуда. Болате маре йаханчул тIаьхьа Овхьада шен нус, йиша лийрина Деши…

Ткъе ворхI шо хьалхалерчу вастех а, сибатех а лар ца йисина хIинца цунна улло йаьлла, халла гIулчаш йохуш йогIучу зудчун. Деши ши шо жима йара Овхьадал. Хебарша аьхна оза, йеха йуьхь. Ло санна, кIайн гиччош. Букархьаьвзина букъ. Хьех чукхетта, кхоьлина, гIайгIане бIаьргаш. Йишхаьлла, гIopгIa аз. ХIун баланаш, бохамаш бу-те xIapa хеназа къанйинарш? Болат лаьцна, Сибрех вахийтар-м хаьара Овхьадана. Цигара цIа ца вирзина-те иза? КIант лаьцна. Болат дийна хилча, xIapa Деши Веданахула кIантана тIаьхьайаьлла лелара ма йацара…

Хьалха воьду Овхьад, саца а сецна, Дешина тIевирзира:

– Со вевзар варий хьуна, Деши?

Деши леррина цуьнан йуьхь-дуьхьал хьаьжира.

– Ца вевза суна.

– Овхьад ву со, ХортIин кIант.

Йуха а цкъа леррина хьаьжча, оцу стеган йуьхь-сибаташ, лер а Овхьадачух тера хийтира Дешина. ТIаккха шен карара гIаж охьа а тесна, мара а кхетта, Овхьадан некха тIe корта а таIийна, са уьйзуш, шен дог Iаббалц йилхира иза. Дешин озачу букъах дай куьг а хьоькхуш, цунна маслаIат дан гIертара Овхьад. Амма Дешина ца хезара цо дуьйцучух цхьа а дош. ТIаккха Овхьад ша а сецира, вист ца хуьлуш. Бераллехь дуьйна хи ца даьлла цуьнан бIаьргаш цкъа тIунделира, логашад хьала-охьа сихбелира, бIаьргаш чуьра комаьршша хиш охьахьаьлхира. Оцу цхьана минотехь цунна хьалха хIиттира къиза тIом, йогу йарташ, бIаьхойн, зударийн, берийн декъий, хьере хилла Iоьху даьхни, yгIy жIаьлеш, бIарзделла хьийза адамаш а. Iаьлбаг, Iумма, Берса, Болат, Къайсар, Коьра, Дада. Къена МIаьчиг а, Васал а. Царах цхьа а дийна вац. Байъина, белла, Сибрехь доьза байна…

ХIокху декъазчу Дешин санна, Овхьада ткъе ворхI шарахь кийрахь сецош IaьIнa къаьхьа бала, кийра буьзна, тIехбеана хьалагIоьртина, легашкара дуьхьало а хадийна, узаршца схьахецабелира. Деши мара а къевлина, шен дагна маршо йелира цо. Белшаш йегош, гIapa йоцуш, тийна вилхира иза. Бераллехь дуьйна тховса дуьххьара…

6

Овхьадана хатта лууш а, хаа лууш а дуккха а дара. Амма Дешин деган чевнаш ша карзахйахарна кхоьруш, хеттарш дан ца хIуттура. Йилхина, шен дог а Iабийна, Дешис ша дийцира цунна оцу ткъе ворхI шарахь Гати-Юьртахь хилларш а, лелларш а.

– ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа, дуккха а нах лоьцуш, Болат а лецира. Дуьххьара Ведана вигира, тIаккха – Соьлжа-ГIала, цигара дIа БуритIа а вигна, масех баттахь набахтехь валлийра. ХIетахь Соип кийрахь вара сан. Болатах къаьстича, дог а иккхина, со лийр йу, моьттура суна. Дийнахь а, буса а наб ца кхеташ, кхачанах а хаьдда, бIарзйелла, кIелйиса йоьлча, кхин хIун дийр ду а ца хиъна, Iелин Iумарца БуритIа йахара со. Цигахь цхьана хIиричуьнга уггар лакхарчу хьаькаман цIарах дехар йаздайтира ас, сан дегIаца доьзалхо ву, Болат воцург, сан доладан цхьа а верас а вац, иза, къинхетам бай, маршаваккхахьара аьлла. Нагахь санна иза маршаваккха йиш йацахь, цуьнца цхьаьна со набахтехь а йитахьара, Сибрех а йахийтахьара аьлла. Хьаькам чохь волчу цIенойн кевнехь шина дийнахь лаьттира тхойшиъ, и дехар хьаькаме дIадала стаг ца нислуш. Эххар а хьаькам волчу воьдучу цхьана къинхетамечу оьрсичо шега дIаийцира сан дехар. Цхьа сахьт даьлча йухавеанчу оцу оьрсичо элира, сан дехар кхочушдан шен бакъо йац, боху хьаькамо, аьлла. Иштта, Болатца цхьаьна набахти а ца йитира со, Сибрех а ца йахийтира. Ткъе ворхI шо ду иза Сибрех вахийтина. Дийна ву а, ца хаьа, велла а, ца хаьа. Ткъе ворхI шо ду кертахь, урамехь адамийн, говрийн когийн тата хезча, хIинца цIа вогIуш вац-те иза, йа цунах хилларг дуьйцуш, хабар дохьуш вогIуш стаг вац-те бохуш, аралелхаш, ладоьгIуш со Iаш йолу…

– Дала мукъалахь, Болат цIа вогIур ву, Деши. Делан диканах, Делан къинхетамах дог дилла мегар дац. Со ца го хьуна? Сайнаш а Iаш хир бу, со велла йа дийна ву, ца хууш. Суна сайна а ца моьттура, со дийна цIа вoгIyp ву. Дийна а ву, цIа вогIуш а ву. Дела дика ву, ницкъ болуш ву, къинхетаме ву. Хьан дуьхьа, кIентан дуьхьа Дала цIа верзор ву. Сан дуьхьа а. Дела сан дог хууш а, гуш а ву, Деши, сайн вежарел дукхавезара суна Болат. Сан дика доттагI а, дика ваша а вара иза. Болат санна кIентий кIезиг хуьлу дуьненахь. Дала ларбо иштта кIентий. Ткъа тахана дуьйна дIа хьайн дола дан ваша вац алий, дага ма даийталахь ахь а. Вай вовшех къастталц, ас хьайх йиша алар дицделлий хьуна?

– Ца дицделла, Овхьад. Хьо волуш, цкъа а сайн ваша вац аьлла, дага а ца догIура суна. Болатана санна, оцу ткъе ворхI шарахь хьуна са а гатлора. Далла бу хастам, хьо мукъана а дийна цIа вогIу. ХIинца даг тIера ах бала дIабели суна.

Наггахь цаьршиннан некъ хадош, хьалхахула чекхлелхара цхьогалш. Йукъа-кара хьуьн чохь бухIа йека а хезара. КIадйелла Деши, шен дагара ца хоуьйтуш, гIаж гIертош, хьалхахьа дIагIертара. Iаьлара дIакхача масех чаккхарма некъ бисча, некъа йистерчу шовданна тIекхечира и шиъ. Шовданна гонаха йуьйцина йина лохха керт а, арахьа охьайиллина кхо-диъ дол попан гуьйриг а йара. Дешига жимма садаIийта, цигахь сецира Овхьад. Шен чамди чуьра схьаэцна баьпкан йуьхк а, нехча а гуьйриг тIе охьа а йехкина, кертах кхозучу кхийран зоки чохь хи деара цо.

– Охьахаал, Деши. Хьо мацйелла xир йу. Вайша Iаьлара дIакхаьчча, сихха хьалха билла кхача кечбина Iаш хир бац вайшиннан гepгapa нах. XIapa кхача бекъа белахь а, кхалла хьажахьа.

Дешис шега шозлагIа ца алийтира. Баьпкан йуьхках а, нехчех а пIелгашца кIез-кIезиг йоккхуш, меллаша Iийша йуьйлира иза.

– Ша лацале хьалхарчу буса деха, лерина къамел дира соьга Болата. Тхо гуттаренна а вовшах къаьсташ дуйла хиъна хир дара цунна. Ша жима волуш, Шелахь, Соип цIе йолуш, доттагI вара шен, бохура цо. Хонкарахь мацалла леш йоллучу шен нанна кемсийн кан баккха, буса туркойн беша ваьлча, цара къиза вийна хиллера иза. Нагахь тхойшиннан кIант хилахь, цунна Соип алий цIе тилла, йоI хилахь, шен ненан Хедин цIe тилла аьлла, тIедиллинера цо суна. Болат лаьцначул тIаьхьа Соип дуьнен чу велира. ТIаккха ши шо даьлча нана, цул тIаьхьа пхи шо даьлча, да дIакхелхира. Хьуна ма хаьа, сан ден, ненан, со цхьа йоI бен, кхин бер цахилар. И шиъ дIакхелхича, верас воцуш, гIаж санна, цхьана йисира со. Шелара

1 ... 10 11 12 13 14 15 16 17 18 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. В коментария нецензурная лексика и оскорбления ЗАПРЕЩЕНЫ! Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?